«Тоьлла тӀелатархо» — къоман «Даймохк» газетан корреспондент Магомаев Хан-Мохьмад

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шарна лерина мини-футболан къовсам дӀабаьхьна тахана Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.

Цигахь толаман меттигийн жамӀаш иштта нисделла:
1-ра меттиг — «Вайнах» ПТРК-н тоба;
2-гӀа меттиг — Зорбанан цӀийнан тоба;
3-гӀа меттиг — «Грозный» НПТРК-н тоба.

Кубкашца а, мидалшца а, мехалчу совгӀаташца а билгалйаьхна уьш.

Цул сов, тоьлла кевнахо а, тоьлла тӀелатархо а, тоьлла гӀаролхо а къастийна цигахь.

ЙуьхькӀам а, дозалла а ду «Тоьлла тӀелатархо» къоман «Даймохк» газетан корреспондент Магомаев Хан-Мохьмад ваьлла хилар.

Оцу къовсамехь дакъалоцуш 6 тоба хилла хилар билгалдоккху вовшахтохархоша: 1) Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерство; 2) «Грозный» НПТРК; 3) «Вайнах» ПТРК; 4) «Путь» ТРК; 5) «Нохчийчоь — Тахана» ХА; 6) Зорбанан цӀа.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: