ТӀеман лерринчу операце — шайн лаамехь дакъалаца…

Луларчу Украинехь а, шен керлачу регионашкахь а Россин Федерацис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца шайн лаамехь боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортера.

Нохчийн Республикин Парламентан спикера М.Даудовс а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министран гӀовс — полицин хьаькам волчу А.Ирасхановс а дакъалаьцна уьш новкъабахарехь.

Telegram чуьрчу шен агӀонехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, тайп-тайпанчу халкъийн а, динийн векалш бу церан могӀарехь.

Цул сов, Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо гӀо а деш, цаьрца Ӏаморан а, тактикин а, медицинин хьалхара гӀо-орца кхачоран а декъехь белхаш дӀабахьар а тӀетоьхна Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: