Россин МВД-н Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Соьлжа-ГIаларчу суворовски училищен хьалхарчу курсан курсанташа кху деношкахь даздаран хьолехь чIагIо йира. ЧIагIо яр дIадаьхьира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Мемориальни комплексехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, цуьнан заместитела Алаудинов Аптис, Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллин хьаькама Висмурадов Абушайха, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман а, чоьхьарчу гIуллакхийн органийн а ветеранаша.
Официальни дакъа дIадоладале хьалха Нохчийчоьнан МВД-н а, Суворовски училищен а куьйгаллло зезагийн курсаш ехкира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин мемориальни унна хьалха. Ткъа официальни дакъа дIадоладелира Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнаш лакхийтарна тIера.
Цул тIаьхьа инарла-лейтенанта Алханов Руслана Суворовски училищен курсанташ декъалбира церан дахарехь хуьлуш болчу мехалчу хиламца. «Суворовски училищехь тахана доьшуш бу Россин цхьаалла ларъеш эгначеран, мехкан дуьхьа шайн дахарш дIаделлачеран кIентий. Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а, сайн а цIарах ас даггара декъалдо шу хIокху мехалчу денца. Даима а дагахь латтаделаш Даймахкана, шен халкъана гIуллакхдар вайн массеран а сийлахь декхар хилар. Диц ма делаш шайн суворовски училищо лелош ерг нохчийн халкъан сийлахьчу кIентан, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе хилар. Со тешна ву, аш, курсанташа цуьнан гIуллакх хьакъ ма-дду дIахьуриг хиларх», – элира Р.Алхановс.
Суворовски училищехь доьшуш болчеран могIаршка дIахIуттучу хьалхарчу курсан 50 курсанта чIагIо йира училищен уставан лехамаш дIаса ца таьIIаш кхочушбан, бIаьхаллин низам лардан, ницкъ ма кхоччу хаарш карадерзо, са а, дегI а чIагIдарехьа кIаддалар ца девзаш къахьега.
Даздаран гIуллакхаш дерзийра Суворовски училищен курсанташ маршаца майданахула дIабахарца. Дагадаийта лаьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Соьлжа-ГIалара Суворовски училище Россин МВД-хь кхоалгIаниг хилар. Иза схьайиллина 2008-чу шеран 1-чу сентябрехь.
(Пайдаэцна Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службин хаамех).
С.ХАСАНОВ