Нохчийн меттан шарна лерина дӀайаьхьна мини-футболан турнир

Нохчийн меттан шарна лерина мини-футболан къовсам дӀабаьхьна Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.

Толаман меттигийн жамӀаш иштта нисделла:
1-ра меттиг — «Вайнах» ПТРК-н тоба;
2-гӀа меттиг — Зорбанан цӀийнан тоба;
3-гӀа меттиг — «Грозный» НПТРК-н тоба.

Кубкашца а, мидалшца а, мехалчу совгӀаташца а билгалйехира и тобанаш.

Цул сов, тоьлла кевнахо а, тоьлла тӀелатархо а, тоьлла гӀаролхо а къастийра цигахь.

Вовшахтохархоша билгалдаккхарехь, оцу къовсамехь дакъалоцуш 6 тоба йара: 1) Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерство; 2) «Грозный» НПТРК; 3) «Вайнах» ПТРК; 4) «Путь» ТРК; 5) «Нохчийчоь — Тахана» ХА; 6) Зорбанан цӀа.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: