
Карарчу хенахь вайн махкахь кхочушйан маьӀне ларалучу проектех цхьаъ йу битуман завод.
Шарахь 100 эзар тонна битуман сурсат арахеца ницкъ а болуш хир йолчу цигахь 150 сов белхан меттиг а кхоллалур йу.
Говзанчаша, кехатийн бух а кечбеш, хӀинцале а къахьоьгуш ду оцу проектана тӀехь.
Цунна тӀе а доьгӀна аьлча, ша и завод йаран белхаш тӀедогӀучу 2024-чу шарахь дӀаболор ду Ӏалашонехь.
И гӀуллакх дийцаре дина Нохчийн Республикин Премьер-министра Хучиев Муслима дӀайаьхьначу кхеташонехь.