
Украинехь а, шен керлачу регионашкахь а Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь жигара дакъалоцуш йу Нохчийн Республика.
Иза билгалдаьлла нохчийн бакъонаш ларйаран органийн буьйранчашца Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀайаьхьначу кхеташонехь.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас ма-хаийттара, тӀеман леррина операци йолайелча дуьйна цига хьажийнарг 26 эзар сов стаг ву вайн махкара.
Царах 12 эзар стаг шайн лаамехь дакъалаца вахана ву. Уьш Ӏамийна Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь.
Цул сов, карарчу хенахь а бу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш Нохчийн Республикин векалш — 7 эзар сов бӀаьхо.