
ТӀеман лерринчу операцехь кхелхинчу нохчийн бӀаьхойн доьзалийн кхин ахча дала дезар дац коммунальни хьаштех.
Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин къинхьегаман а, белхан меттигаш нисйаран а, социальни кхиоран а министра Баширов Ӏусмана.
Цуьнца а догӀуш, буьйцучу доьзалша коммунальни хьаштех дӀалуш долу ахча Ӏедало 100%-н барамехь йухадерзор долуш ду царна.
Оцу проектана оьшуш долу ахча республикин бюджетера билгалдоккхур ду.
И мехала проект Нохчийн Республикехь бен кхочушйийр йолуш йац.