Р.Кадыров: Шен махкана а, халкъана а дика куьйгалхо ву Эрдоган

Туркойчоьнан президентан харжамийн 2-чу турехь Эрдоган Реджепа толам баьккхина.

Оцу хиламца иза декъалвина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.

Цуьнан декъалдарна тӀе а тевжаш, Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана а декъалвина Эрдоган Реджеп.

Цо билгал ма-даккхара, шен махкана а, халкъана а дика куьйгалхо хилла ца Ӏаш, дуьненахь бусалбанийн бакъонаш ларйарехь жигара дакъалоцуш а ву иза.

Иштта, Туркойчоьнан а, Россин Федерацин а беркате йукъаметтигаш латторна а, чӀагӀйарна а Ӏаткъам беш а изза ву.

«Политик Эрдоган Реджеп а, дийнна туркойн халкъ а декъалдо ас оцу хиламца! Кхиамаш а, машар а, паргӀато а хуьлийла лаьа Туркойчохь«, — йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: