
Соьлжа-ГӀаларчу Жуковскийн ураман куц кеста хийцалур ду.
2,5 км йохалла йолу и урам тобар а, оцу урамерчу коммерцин объектийн куц-кепаш хийцар а тӀедожийна пачхьенан мэра Кадыров Хас-Мохьмада.
Урам тобарна йукъахь хир ду силаман чкъор хийцар, гӀашлойн некъаш цӀиндар, синтарш догӀар, и.д.кх.а.
Цул сов, инженерин коммуникацийн сеташ а цӀинйийр йу. Оцу декъера белхаш хӀинцале а дӀахьош бу.
Буьйцучу урамехь йечу а, йан а йолийнчу а гӀишлошна тӀехь а къаьсттина терго латтор йу.
Тидамза йуьтур йац дайша дӀатесна латтош йолу цигара майданаш а.