320 км хин биргӀанаш йохкур йу Нажи-Йуьртан кӀоштахь

Нажи-Йуьртан кӀоштан берриге а бахархошна хица кхачойар ду республикин Ӏедалан Ӏалашонехь.

Оцу декъера белхаш дӀа а хьош, кӀоштарчу йарташкахь 320 км хин биргӀанаш йохкур йу.

И бахьана долуш, говзанчаша билгал ма-даккха, кӀоштан берриге а бахархошна хир ду кхачам боллуш хи.

Цул сов, и хи, кхачам боллуш хиларал сов, цӀена а хир ду.

Карарчу хенахь говзанчаш проектан а, сметин а кехаташ кечдарна тӀехь къахьоьгуш бу.

Иза билгалдаьлла Нохчийн Республикин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран Зайпуллаев Муслиман а, Нажи-Йуьртан кӀоштан префектан Музуруев Асламбекан а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: