СВО-н дакъалацархошна гӀодаран фондан филиал схьайиллина Кадыров Рамзана

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дакъа а лоцуш, Соьлжа-ГӀалахь схьайиллина ТӀеман лерринчу операцин дакъалацархошна гӀодаран Пачхьалкхан «Даймехкан гӀаролхой» фондан Нохчийн Республикехь йолу филиал.

Шен къамелехь Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, оцу Фондехь СВО-н дакъалацархошна а, ветеранашна а гӀо дина ца Ӏаш, церан доьзалшна а гӀо-накъосталла латтор ду.

Нохчийн филиалехь къахьоьгуш 40 белхахо хир ву, шеран чаккхенехь шайн терахь алсам а доккхур долуш.

Церан балхана мел оьшуш долу хьелаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо чоьтах дина.

Филиалан болх кхана дуьйна дӀаболалуш бу.

Адрес: Соьлжа-ГӀала, «Ханкальский» чекхволийла, 9а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: