Кхиазхой эскарехь гIуллакх дан Iамабо

IMG-20150604-WA0002 (1)

Россин Федерацин оборонан министра, эскаран инарлас Сергей Шойгус тIедиллина ма-хиллара, школашкарчу лакхарчу классийн дешархошна эскарехь гIуллакх дан бигале  хьалха цигахь хаадезарг Iамош, цаьрца цхьаьнакхетарш дIахьо хIора а шарахь вайн республикерчу районийн тIеман комиссариаташкахь.

   Дукха хан йоццуш Шелан а, Курчалойн а районийн, иштта Шеларчу тIеман комиссариатана юкъайогIучу Аргун гIалин отделан белхахоша Шелан районан администрацин а, дешаран урхаллин а жигархошца цхьаьна вовшахтоьхна, Шеларчу эскаран декъехь районерчу школийн 10-чу классийн дешархошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Билгалдаккха догIу, вайн кегийрхой халкъана а, махкана а пайде болуш кхетош-кхиоран белхаш барехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас, Шелан районан администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас доккха гIо-накъосталла деш хилар.

Эскаре бигале хьалха тIеман гIирсаш лелор шайна Iамадойтуш цигахь хилларг районерчу школийн 200 дешархо вара. Царна хьалхабевлла баьхкина бара церан  физкультурин а, кхиболу а хьехархой.

Дешархошца къамелаш дира Шелан районан администрацин куьйгалхочун заместитела Килематов ИбрахIима а, ийманехь кхетош-кхиорехула волчу гIоьнчас Ахматов Мохьмада а, Шелан районан комиссариатана юкъайогIучу Аргун гIалин отделан  хьаькама Бизаев Аюба а, районан дешаран урхаллин отделан хьаькама Тимералиев Беслана а, иштта цуьнан заместитела Ибрагимов Аслана а.

И тайпа цхьаьнакхетарш пхеа дийнахь  дIадаьхьира цара дешархошца. Герз вовшахдаккха а, юха вовшахтаса а, иза нийса тоха а, иштта тIеман хьокъехь эскарехь хаадезаш долу кхидерг а хьоьхуш берш эпсарш бара. Дешархошна хIинцале а хаьа эскарехь дан дезаш долу цхьадолу гIуллакхаш.

 

МАТАГОВ Исхан

Саламовн сурт

№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: