Нохчийн меттан шеран гурашкахь дӀайаьхьна кхоллараллин суьйре

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шеран гурашкахь Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада хӀоттийнчу планаца жигара белхаш дӀахьо «Даймохк» газетан редакцин векалша.

РогӀера болх тахана дӀабаьхьна — иза йара Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетаца цхьаьна вовшахтоьхна Нохчийн поэзин суьйре.

Соьлжа-ГӀалин гӀашлойн урамех коьрта ларалучу Эсамбаев Махьмудан цӀарахчу бульварехь дӀайаьхьира иза.

Студенташа нохчийн маттахь байташ йийшира, иштта, «Даймохк» газетан 100 шо кхачарна лерина талламан белхаш тӀехь болу киншкаш а, газеташ а дӀасадийкъира.

Цул сов, нохчийн маттаца йоьзна викторина а дӀайаьхьира хьовсархошлахь, нийса жоьпаш деллачарна нохчийн маттахь йолчу киншкашца совгӀаташ а деш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: