ТӀай тодеш ду Шаран кӀоштарчу Кенхи эвлахь

Лаьмнашкарчу Кенхи эвлахь тодеш ду 21 м йохалла йолу тӀай.

«Кхерамза, дика некъаш» проектан гурашкахь дӀахьош бу и белхаш.

Тодеш долу и тӀай, говзанчаша билгал ма-даккхара, керла тиллина а лара мегар долуш хир ду.

Карарчу хенахь, ша иза тилларан белхаш дӀа а берзийна, цунна тӀебогӀучу некъана тӀе силаман чкъор дилла кечамаш беш бу белхалой.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: