Вайн махкахь а билгалдаьккхина Бераш лардаран дуьненайукъара де

Бераш лардаран дуьненайукъара де Нохчийчохь а билгалдаьккхина.

Цунна тӀе а доьгӀна, Берийн клиникин дарбанцӀахь хилира Нохчийн Республикин Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовс — могашалла Ӏалашйаран декъан куратор Кадырова Хутмат.

Цигахь цомгашчу берашца цхьаьна а кхийтира иза, иштта, мехала совгӀаташ а дира царна.

«Вайн республикин хӀора а къоначу вахархочун дахар ирсе, могаш-маьрша дар ду Ӏалашонехь. Оцу декхаршца вай ларош ду аьлла хета суна, хӀунда аьлча, берийн могашалла Ӏалашйаран гӀуллакх шен лерринчу тергонехь латтош нохчийн Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан ву«, — билгалдаьккхира Кадырова Хутмата.

Цул сов, цуьнан тӀедилларца а догӀуш, Берийн реабилитацин туьшашкарчу кхиархошна лерина ловзарш дӀадаьхьира Соьлжа-ГӀалин дельфинарехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: