«Золотой Витязь» кинофорумехь тоьлла «Грозный» НПТРК-н а, «Вайнах» ПТРК-н а белхаш

Дуьненайукъарчу «Золотой Витязь» XXXII-чу кинофоруман болх дӀаберзоран цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Д.Омаевн цӀарахчу Даздарийн цӀийнехь.

Баханчу хӀутосург беттан 24-31-чуй деношкахь дӀайаьхьна и кинофорум Соьлжа-ГӀалахь.

Дуьненахь йаьржина «культура» йемалйеш, цунах ларлуш болчу нехан болам ларалуш бу иза.

Ловзаран а, документийн а, анимацийн а, иштта, берийн а, студентийн а белхаш бара кинофоруман жюрин кхиэле бехкина: 153 болх — конкурсехь а, 12 болх — конкурсехь а боцуш.

Оцу белхийн авторш иттаннаш мехкашкара бара.

Нохчийн ТРК-н белхаш цигахь совгӀаташца билгалбахар къаьсттина хазахеташ ду:
— «Грозный» НПТРК: 1) «Созерцающий ветер» фильмана совгӀат делла;
— «Вайнах» ПТРК: 1) «Изнанка», 2) «Первый шаг», 3) «Без преград» фильмашна леррина дипломаш делла.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: