ПМЭФ’23 форумехь Нохчийчоьнан векалша а дакъалоцур ду

Карарчу беттан 14-17-чуй деношкахь Санкт-Петербургехь дӀахьур йу Петербурган дуьненайукъарчу экономикин XXVI-гӀа форум.

Цигахь дакъалоцуш Нохчийн Республикин Ӏедалан векалш а хир бу, шайн коьртехь Премьер-министр Хучиев Муслим а волуш.

Правительствон №162-р (30.05.23) йолчу Сацамехь билгалдолу иза.

Вайн мехкан векалша цигахь дакъалацарна Ӏуналла даран болх Экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствох тешийна.

Цигахь Нохчийн Республика дакъалоцуш хиларан Ӏалашонаш:
1) дуьненайукъара а, экономикин а зӀенаш кхиор;
2) йоккхуш йолу дика цӀе йаржор а, чӀагӀйар а;
3) инвестицеш йалоран болх жигарбаккхар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: