Москвахь схьайиллина тоьллачех автовокзал

Россин транспортан министерствос хаам бо гIаланашна юкъара а, дуьненаюкъара а маршрутийн автобусашца дIасалелачу пассажирийн хьашташ кхочушдар лакхадаккхаран Iалашонца Москвахь «Южные ворота» цIе йолу кхузаманан лехамашца йогIуш йолу  дуьненаюкъара автовокзал схьайиллина хиларан хьокъехь.

1400 квадратни метр йолчу майданахь дийнахь-бусий 4 эзар стеган хьашташ кхочушдан таронаш йолуш ю иза. Итт перрон, ворхI кассан кор, иштта терминалаш а, 160 стагана лерина зал, 200 меттиг йолуш ларчаш Iалашъяран камера, ненан а, беран а чоь ю кхузахь. Цул сов маьхза Wi-Fi интернетан зIе а, банкоматаш а ю автовокзалехь. Вуно аьтто болуш ю машенаш дIахIиттайойла а.

Кхузара дIа маьхза автобусаш ю «Алма-Атинская», «Братиславская», «Домодедовская», «Марьино», «Красногвардейская», «Царицыно», «Выхино» метрон станцешка дIасалелаш.

Автобусаш юьлийла а, ремонт яран база а, медицинин кабинет а, водительшна садаIа чоь а ю.

Доцца аьлча, гIаланашна юкъара а, дуьненаюкъара а маршруташца дIасалелачу пассажирашна аттонна кхоьллина дерриге а хьелаш ду, хIара санна йолу автовокзалаш кхин а яхка Iалашо а ю Москван Iедалан.

 

Р.МУСИПОВ

№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: