
Кадыров Зеламхин цӀарахлера садаӀаран а, самукъадаккхаран а комплекс тойина Гуьмсехь.
Иза тойаран а, цӀанйаран а белхаш дӀахьош болу масех бутт бара.
ХӀинца, тӀаьххьара белхаш дӀа а берзийна, схьайелла кийча йу иза.
Аттракционаш а, бассейнаш а, цӀинйина а йевлла, хӀокху деношкахь схьайоьллур йолуш йу.
Гуьмсан кӀоштан префекта Магамадов Хьамзата теллина цигахь дӀабаьхьна белхаш.