Соьлжа-ГӀалахь дӀадолийна II-гӀа Йерригроссин вилспеташ хахкар

Вилспетхочун дерригдуьненан денна лерина а долуш, Соьлжа-ГӀалахь дӀадолийна II-гӀа Йерригроссин вилспеташ хахкар.

Цигахь дакъалаьцна НР-н Мехк-Ден гӀоьнча а, Йерригроссин берийн а, кегийрхойн а йукъараллин «Движение первых» боламан республикерчу Кхеташонан куьйгалхо а волчу Кадыров Ахьмада.

Цуьнца цхьаьна бара хьаькамаш а, пачхьенан хьеший а, кегийрхойн гӀуллакхийн органийн тергонехь долу бераш.

Масех муьрехь дӀадаьхьира вилспеташ хахкар, дакъалоцуш 120 сов вилспетхо а волуш.

Цул тӀаьхьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо вилспеташца совгӀаташ дира кегийрхойн гӀуллакхийн органийн тергонехь долчу берашна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: