
XIV-XVI-гӀий бӀешерашкара ларалуш йолу Ачалойн тӀеман бӀов меттахӀоттийна.
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис бина оцу хьокъехь хаам.
Цо билгалдаккхарехь, Шуьйтан кӀоштахь йолу и бӀов республикин маьӀна долчу культурин тӀаьхьалуонийн могӀарера объект йу.
Иза меттахӀотторан болх Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца дӀабаьхьна.
Дааев Хож-Баудис тӀе тидам ма-бахийттара, и белхаш дӀабахьарехь гӀо-накъосталла лаьцна Россин Федерацин культурин министерствос.