«Россин АПК-н хьакъволу белхало» сийлаллин цӀе — Закриев ИбрахӀимна

Нохчийн Республикин вице-премьер — йуьртан бахаман министр волу Закриев ИбрахӀимна «Россин агропромышленностан комплексан хьакъволу белхало» сийлаллин цӀарца билгалваьккхина.

И совгӀат цунна дӀаделла Россин Федерацин йуьртан бахаман министра Патрушев Дмитрийс.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Иштта, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кхоьллинчу тобанехь къахьоьгучеран кхиамашна ша воккхавевеш хилар а хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Ткъа йуьртан бахаман хьокъехь дуьйцуш цо билгал ма-даккхара, республикин куьйгаллина уггаре а маьӀнечарах ларалуш дакъа ду иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: