А.Бисаев: НАТО-ца а, малхбузенан боьхачу хьежамашца а къийсам латтош бу Украинехь

Украинехь Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъа а лоцуш, Нохчийн Республикин бакъонаш ларйаран органийн бӀаьхой малхбузенан боьхаллица къийсам латтош бу.

Оцу хьокъехь хаам бина Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин «АХМАТ-Грозный» ОМОН-н буьйранча волчу Бисаев Анзора.

Цо дийцарехь, НАТО-на йукъабогӀучу мехкашкара зуламхой бу Украинехь — цунна тӀе а доьгӀна аьлча, НАТО-ца а, малхбузенан боьхачу хьежамашца а къийсам латтош бу Украинехь.

«Церан боьхачу хьежамех вайн мохк а, вайн йукъаралла а ларйаран Ӏалашонца леташ ду вай цаьрца. Ислам-динан а, адамаллин лехамашца догӀуш хӀумма а дац малхбузенан хьежамашкахь«, — дийцина Бисаев Анзора.

Иштта, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан дӀахьедарна тӀе а тевжаш, вай толам боккхург хилар цхьа а шеко йоцуш хилар чӀагӀдина цо.

«АХМАТ-Грозный» ОМОН-н цхьаболу бӀаьхой хӀинца а тӀеман операцехь дакъалоцуш бу, ткъа кхиберш, омра ма-хилла, сихонца царна тӀаьхьабаха кийча бу. Тхуна мел оьшург вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана латтош ду. Цундела, тхайга кховдийна муьлхха а Ӏалашо оха, Дала мукъ лахь, кхочушйийр йолуш йу«, — тӀетоьхна Бисаев Анзора.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: