Вайн дукхах болчарна ца хаьа догIанехь, малхехь лаьтташ некъан боламан кхерамазаллин белхахоша хьоьгучу къинан мах. Ишттачарех цхьаъ ву Хьалха-Мартан районерчу ГIойтIара вахархо Мамаев Ислам.
2008-чу шарахь Москварчу пачхьалкхан Ломоносовн цIарах йолчу университетан, юридически факультете деша хIоьттира иза.
2009-чу шарахь некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин Соьлжа-ГIалин Заводскойн районехь йолчу лерринчу батальоне балха вахара Ислам. Цу шарахь кхеран хьаькам волчу Денилханов Шамхана тидаме ийцира цуьнан хьуьнарш, лакхарчу лейтенантан дарже ваьккхира иза. Балхахь дикачу агIор ша гайта кхиира иза. Нохчийн Республикехь алсам хуьлу некъан бохамаш. Уьш цахилийтаран Iалашонца д1ахьош вайн республикехь белхаш бу. Оцу декъехь шаьш бечу балхах лаьцна дийцира Ислама: «Водительша машенаш чехка хехкар бахьанехь а, некъан бакъенаш цаларъяр бахьанехь а хуьлуш бу вайн ярташкахь, урамашкахь дукхахболу бохамаш». Къаьсттина новкъа догIу оцу бохамехь бераш кхалхар нисделча, могаш-маьрша араваьллачух заьIапхо вича. ТIаьхьарчу хенахь некъийн бохалла алссам радараш хIиттийна, лакхабаьккхина бакъенаш талхочарна тухучу гIуданийн барам а.
Амма, даима а ца нисло бохам хиларна водитель бехке. ГIашлойн бехкенна а нисло некъан хьовзамаш. Некъан бакъенаш гIашлошна а хаа езаш а, цара ларъян езаш а ю. Халахеташ делахь а, вайн жимачу къомана боккха иэшам хуьлу хIора дийнахь некъан бохамехь адамаш хIаллакьхиларх. Шайга балучу агIор, де-буьйса ца лоьруш, ГИБДД-н белхахоша и тайпа бохамаш ца хилийта шуьйра дIахьош профилактикин белхаш бу.
Л.ЮСУПОВА
Авторан сурт
№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо