
Лаьмнашкарчу кӀошташкахь даккхий Ӏамораш дӀадаьхьна бакъонаш ларйаран органаша.
Цигахь дакъалаьцна Федеральни кхерамзаллин службин Дозанан урхаллин а, Россин Федерацин гӀаролан министерствон а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон а белхахоша.
Цул сов, и Ӏамораш дӀадахьарехь гӀо-накъосталла деш лаьмнашкарчу йартийн а, кӀоштийн а векалш а бара.
Церан массеран а Ӏалашо цхьаъ йара — луларчу махкаца долчу Нохчийн Республикин доза зуламхошна къовлар.
Нохчийн Республикерчу Кадечу штабан планашца дӀадаьхьна ду и Ӏамораш.