
ХьаьжцӀа боьлхуш болу Нохчийн Республикин бахархой дӀасабига кийча йу республикин пачхьенан аэропорт.
Ша аэропорт а, цуьнан дáкъош а кийча хиларал сов, мел оьшуш долу кехаташ кечдаран болх а чекхбаьккхина.
Нохчийн хьаьжой дӀасабуьгуш йан леринарг 18 рейс йу, хьалхара рейс йеари-дийнахь а йолуш.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортехь дӀайаьхьначу кхеташонехь билгалдаьлла иза.
Цигахь дакъалаьцна «Вайнахавиа» компанин а, Муфтиятан а, Роспотребнадзоран а, дозанхойн а, транспортан полицин а, таможнин а векалша.