Ӏас хина тӀехула тиллина долу тӀай тодеш ду къоман проектан гурашкахь

ТӀехьа-Мартан кӀоштахь тодеш ду Ӏас хина тӀехула тиллина долу тӀай.

Доккха маьӀна долуш тӀай ду иза, Р-217 «Кавказ» некъаца оцу кӀоштара 3 эвла а хӀуттуш:
1) Шовдан-Йурт;
2) Ӏас-Йист;
3) СемаӀашка.

Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон векалша билгалдаккхарехь, иза тодаран белхаш «Кхерамза а, дика а некъаш» къоман проектан гурашкахь дӀахьош бу.

Ша тӀайн хьокъехь аьлча, 13,32 м шуьйра а, 102,65 м деха а ду иза, тӀевоьдийлан а, дехьаволийлан а йохалла 396 м а йолуш.

Цхьана дийнахь 2 эзар гергга машен шена тӀехула дӀаса а йоьдуш маьӀне долу и тӀай тодаран белхаш, говзанчаша ма-хаийттара, 40%-на дӀабирзина.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: