Пайдаэца «Госуслуги» порталах!

Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон 2015-чу шеран хьаьттан беттан 24-чу дийнахьлерчу №1/6080 планан 11-чу пунктаца а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон 2018-чу шеран хьаьттан беттан 24-чу дийнахьлерчу №272 омранан 3.2 пунктаца а догIуш, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIаларчу Урхаллин БойсгӀаран кIоштехула йолчу миграцин отделенис «Госуслуги» порталах жигара пайдаэцийтаран Iалашонца хаам а, кхайкхам а бо.

«Россин Федерацин пачхьалкхан услугийн портал/Госуслуги» – хаттараллин а, хаамийн а интернет-портал (сайт) йу.

«Госуслуги» портала тIехь вахархо дIайазвелла хилчахьана, Россин Федерацин вахархочун паспорт даккхийта а, хийцийта а, иштта, Россин Федерацин вахархочунна кхечу махка ваха-ван оьшуш долу дозадехьара паспорт даккхийта а, хийцийта а оьшуш долу кехаташ а, рагI а ца ларйеш, шен чуьрчу компьютера тIехь а, кисанарчу смартфона тIехь а чудала цуьнан йиш а, аьтто а хиларан хьокъехь хаам бо Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIаларчу Урхаллин БойсгӀаран кIоштехула йолчу миграцин отделенис.

Цуьнан атталла а, дикалла а, гуш ма-хиллара, паспорт хийцийтаран а, даккхийтаран а гIуллакх сиха а, атта а чекхдаларца йоьзна йу.

Пайдаэца кхузаманахьлерчу хаамийн технологех! Пайдаэца «Госуслугех»!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: