
Соьлжа-ГӀалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада, шайн доларчу дáкъошкахь цӀано латтайе аьлла, дехаран кхайкхам бина пачхьенан бахархошка.
Ша и кхайкхам бале, Соьлжа-ГӀалина йукъайогӀучу Ахьмадан а, БойсгӀаран а, Висаитовн а, Шайх Мансуран а кӀошташкахь хилла иза.
Оцу белхан гурашкахь цо теллина хӀора а кӀоштахь долу хьал, билгалдаьхна Соьлжа-ГӀалин мэрин а, кӀоштийн префектурийн а векалша сихонца дан деза гӀуллакхаш.
Делахь а, кхеташ ма-хиллара, коьрта кхайкхам а, дехар а меттигерчу бахархошка ду.
Мэра билгалдаккхарехь, Ӏедало а, префектураша а мел дукха къахьегарх а, Соьлжа-ГӀала цӀена, хаза хилар, коьртачу декъана, цуьнан бахархойх доьзна ду.
Шайн ков-керташ а, уьйтӀеш а, дáкъош а цӀена латтор цундела дехна цаьрга.