Нохчийчохь хьийкъина кхуьу Iамаркера картолаш

Нохчийчоьнан латталелорхоша кестта дIадолор ду «Къилбаседа Дакота» хIух йолу Iамаркан картолаш чуерзор. Вайн республикин аренашкахь дуьххьара шо хьалха йийна ю уьш. Цу хьокъехь хаам бинчу «Наурски» винхозан директора Лорсанов Асланбека дийцарехь, Iамаркера картолаш вай долчохь кхиоран хьокъехь барт хилира Iамаркера селекционерийн делегаци Нохчийчу еача. Царна лиира нохчийн аграрешца цхьаьна гIуллакхаш дан.

39490_02

Масех шо хьалха хIокху бахаман сацам хилира, еккъа цхьа кемсаш кхиийна ца Iаш, юьртан бахаман кхин сурсаташ а кхион. ТIаккха буьйлабелира кхузара аренашлелорхой картолаш юьйш-лело. Ши шо хьалха А.Лорсанов США-хь хилира. Иза цига кхайкхинера Россехь йолчу Iамаркан махлелоран векалалло. Цаьрца гергарло тасадалар бахьанехь аьтто белира дIадаханчу шеран май баттахь Веданан районерчу лаьмнашкахь, зеран Iалашонца, Iамаркан хIух йолу картолаш дIаен. Юьхьанца Iамаркахой лерина бара вайн республике итт миллион доллар механа леррина техника, агрономин технологеш, хIу чудан. Делахь а, США-с Россина дуьхьал юкъаялийна экономикин санкцеш бахьанехь дан дагалаьцнарг буьззинчу барамехь кхочушдойла ца хилира. ХIетте а, коммерчески зIенаш хеда ца йина, проект кхочушъеш ю. Иза кхочушъярна шина а агIоно юкъадиллинарг 70 миллион сом ду.

Цхьаьна гIуллакхаш даран бIаьрла жамI дара 2014-чу шарахь зеран жимачу майданара кхо бIе тонна гергга хIуьнан картолаш Веданан районехь кхиийна хилар. Ларамаза дацара и район харжар. Кхузара Iаламан хьелаш тIехдика ду картолаш  юьйш-лелорна. Картолаш хьийкъина кхиийтарна бегIийла ду латта а, цуьнца оьшшучу барамехь микро а, макро а элементаш ю. Лаьмнийн районашкахь картолаш, шайца дIаьвше химикаташ йоцуш, вуно цIена хуьлу. «Къилбаседа Дакота» хIух йолу картолаш къаьсттина хьийкъина кхуьу кхузахь.

«Карарчу шеран апрель беттан юккъехь оха 210 тонна хIуьнан картолаш дIайийна. Уьш хIинца еккъа цхьана Веданан районехь йийна Iаш а дац тхо. Невран районехь а 200 гектар майданашка дIайийна уьш. Iамаркан технологеш хьесапе а оьцуш, хIора гектара тIе 50 эзар хIу (картол) дIадийна. Дерриге а хIу дика денделла. Хаза, хьийкъина кхуьуш ю и башха картолаш. Август бутт герга кхаьчча картолаш схьаахка а, чуерзо а дуьйлалур ду тхо. Нохчийн-Iамаркан аренашлелорхойн дуьххьарлера юкъара картолаш хир ю уьш. 5 эзар тонна хIуьнан картолаш чуэца дагахь ду тхо», – элира Лорсанов Асланбека.

kartofel

Оцу хIух йолу картолаш юьйш-лелор кхин а дикка шордан дагахь бу бахаман говзанчаш а, аренашлелорхой а. ТIейогIучу хенахь «суперэлита» хIух йолу картолаш кхиор ю. Оцу хIух йолу картолаш лаьмнийн кхечу районашкахь лелор а юкъадоккхур ду. Ткъа лаьмнийн когашкахь йолчу меттигашкахь «элита» хIух йолу картолаш лелор ю. Цул тIаьхьа, кхо шо даьлча, хIора шарахь 50 эзар тонна тоьлла картолаш кхио а, бахархойн хьашташна дIахьовсо а таро хир ю.

«Зеран Iалашонца картолийн х1у дIадер бахьанехь герггарчу хенахь билгалдеш ду республикехь картолаш юьйш-лелош йолу майданаш дуккха а шоръян. Цу тайппана, вай когахIоттор ду вайн бахархошна картолашца юьззина кхачояран гIуллакх. Дукха хан ялале уьш кхечу регионашна а латтор ю», – чIагIдира А.Лорсановс.

Билгалдаккха деза Нохчийчоьнан бахархошна хIора шарахь юккъерчу хьесапехь оьшуш ерш ерриге а 150 эзар тонна гергга картолаш хилар. Царах  дукхахъерш Россин тайп-тайпанчу регионашкара йохьуш ю. Нагахь санна нохчийн-Iамаркан проект кхиамца кхочушъяхь, герггарчу хенахь картолийн шорто хир ю Нохчийчохь. Цунах тешна ву «Наурски» бахаман директор. Дала тIаьхье беркате йойла церан дIадолоран.

 

С.ХАСАНОВ

№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: