
Устрада-ГӀалахь йан йолийна кхачанан промышленностан сурсатийн завод.
6,8 га майда дӀа а лоцуш хир йолчу цунна 500 млн ₽ инвестицеш йийр йу нохчийн «Колорит» йукъаралло а, туркойн «Уномарк» компанис а.
И проект кхочушйаро 100 сов белхан меттиг кхуллур йу.
Заводан хьокъехь аьлча, доккхуш дама а, даьтта а, деш деман а, гарзанийн а сурсаташ а хир ду цу чохь.
Иза йаран болх дӀаболорехь дакъалаьцна Экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Р.Шаптукаевс а, Устрада-ГӀалин округан мэра И.Масаевс а, кхечара а.