Украинхойн БПЛА-н чуэгорехь жигаралла гойту нохчаша

ТӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу нохчийн бӀаьхой украинхойн БПЛА-ш чуэгорехь а жигаралла гойтуш бу.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Россин Федерацин гӀаролан министерствона йукъайогӀучу нохчийн «Запад-АХМАТ» а, «Восток-АХМАТ» а батальонийн а, Курчалойн а, Шуьйтан а кӀоштийн чоьхьарчу гӀуллакхийн отделийн а бӀаьхой бу и белхаш дӀахьош.

ТӀаьххьара цара чуйожийнарг украинхойн цӀейаххана «Фурiя» йу.

Талламан белхаш дӀабахьарехь а, артиллерин тохарш даран майданаш билгалйахарехь а лелош БПЛА йу иза.

2,5 км лекха а йалалуш, пайдаэцаран гуо 50 км а болуш, 200 км дӀайахалуш йу и «Фурiа».

Делахь а, иштта чӀогӀа иза йоллушехь, гуш ма-хиллара, нохчийн бӀаьхоша иза чуйожийна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: