Киншкийн фестивалехь нохчийн авторийн киншкаш а йовзийтина

ХӀокху деношкахь Москвахь дӀайаьхьна хӀорашеран киншкийн фестиваль — «ЦӀен майда».

Ламасте дирзина ма-хиллара, цигахь йовзуьйту Россин Федерацин субъекташкарчу а, Беларусерчу а авторийн киншкаш.

Нохчийн авторийн киншкаш а йовзийтина цигахь — 50 сов киншка йу «Нохчийн Республика» стендехь йовзийтинарг.

И болх дӀабаьхьна Нохчийн Республикин киншкаш зорбатухийлан векалша, шайн коьртехь Матаев Анзор а волуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: