
Шаран кӀоштарчу Кенхи йуьрта газ йигаран болх чекхбаьккхина.
И болх «Газпром межрегионгаз Грозный» йукъаралло дӀабаьхьна, цунна оьшшуш долу гӀо-накъосталла республикин Ӏедало а деш.
2022-чу шеран чаккхенехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀайаьхьначу дуьххьалдӀачу эфирехь, шайн йуьрта газ йалайе аьлла, цигарчу бахархоша видеон кепара дехаран кост динера.
Церан дехаран хьокъехь дуьйцуш, 2023-чу шеран чаккхенехь Кенхи йуьртахь газ хир йу аьлла, хаам бинера Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
И болх карарчу шеран кхолламан 1-чохь дуьйна дӀаболийра.
ХӀинца, цул тӀаьхьа 5 бутт баьлча, Кенхи йуьрта газ йигаран гӀуллакх дӀадерзийна говзанчаша.
Цига газ йуьгуш 17 км биргӀанаш йехкина, газ йеккъа цхьана Кенхи йигна а ца Ӏаш — меттигерчу Кири, Чайра, Бути йарташка а кхаьчна иза.
КхидӀа и газ бахархойн хӀусамашка дӀасайигаран декъехь къахьоьгур ду говзанчаша.