
Нохчийн Республикин бахархошка, дорцан хенан хӀоттамехь чӀогӀа ларлуш хилахьара аьлла, кхайкхам бина Кадыров Рамзана.
Telegram чуьрчу шен каналехь цо билгал ма-даккхара, тӀаьххьарчу деношкахь вайн махкахь алссам ихначу догӀанаша зенаш дина Шелан кӀоштарчу Сиржа-Эвлахь а, Эвтарахь а.
Иштта, Мехк-Дас хаийтарехь, Курчалойн кӀоштахь а хилла и зенаш.
Муниципалитеташкарчу ЕДДС-ца берттахь орцанан а, гӀоьнан а белхаш цигахь дӀахьош МЧС-н белхахой хиларна тӀе а тидам бахийтина цо.
Бахархошлахь лазийна цхьа а вац — Кадыров Рамзана билгалдоккху иза доккха хазахетар хилар.
Цул сов, бахархошна хиллачу зенан маххадоран болх дӀаболийна хилар а хаийтина.
Хенан хӀоттамо зенаш динчу доьзалшна мел оьшуш долу гӀо-накъосталла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо дийр ду.