
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан тӀедилларца а догӀуш, Украинехь тӀеман леррина операци дӀайахьаран бахьанаш бахархошна а, тайп-тайпанчу учрежденийн белхахошна а довзийтаран болх бу вайн махкахь дӀахьош.
Дудаев Ахьмадан гӀовс волчу Баширов Сайд-Мохьмада а, Ӏеламнаха а, йукъараллин гӀуллакххоша а, чоьхьарчу гӀуллакхийн отделийн векалша а дуьйцу тӀеман операци дӀайахьаран хьокъехь, билгалдоху бахьанаш, йовзуьйту вайн бӀаьхошна хьалха лаьтташ йолу Ӏалашонаш.
Цул сов, хьоьху харц-хаамаш къасторан некъаш, дуьйцу бандеровцаша а, нацисташа а цигахь маьршачу бахархошна тӀехь латтийнчу къизаллах лаьцна.
РогӀера иштта цхьаьнакхетар Шаран кӀоштан бахархошца дӀадаьхьна.