«Хьиди-КӀотар — ЖагӀларга» некъа тӀе силаман чкъор дуьллуш ду

«Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь беркате болх дӀахьош бу Курчалойн кӀоштахь.

Муниципалитетан префекта Ирасханов Асламбека ма-хаийттара, силаман чкъор дуьллуш ду «Хьиди-КӀотар — ЖагӀларга» некъа тӀе.

5 км йохалла йолу и некъ доккха маьӀна долуш бу меттигерчу бахархошна.

ХӀинца, тӀе силам диллича, цунах пайдаэцаран тӀегӀа дукхазза а алсамдер ду.

Говзанчаша хаийтарехь, герггарчу хена чохь дӀаберзор болуш бу цигахь дӀахьош болу болх.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: