
ХӀорашеран «Нохчийн Республикерчу халкъийн культурийн дуьне» фестиваль дӀайаьхьна тахана Соьлжа-ГӀалахь.
Карарчу шеран и фестиваль хӀокху беттан 12-чохь билгалдоккхур долчу Россин денна лерина йара.
Цигахь дакъалецира Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Полицин лерринчу полкан буьйранча волчу Чалаев Замида, Физически культурин а, спортан, кегийрхойн политикин а министра Ибрагимов Ӏийсас, журналисташа, хьешаша.
Царна, шайн-шайн культурийн декъех а лаьтташ, концертан программа а, кхачанийн гайтам а кечбинера гӀезалойн а, гӀалагӀазкхийн а, гӀумкийн а, жӀайхойн а, ногӀийн а, туркойн а культурийн туьшаша.
Цул тӀаьхьа, оцу туьшийн векалшца цхьаьна, шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой Баркаллин кехаташца билгалбехира Дудаев Ахьмада.
Иштта, Нохчийчуьра хьал довзуьйтуш, вайн махкахь бехаш 90 гергга халкъан векалш хиларна тӀе тидам бахийтира цо.
Цул сов, нохчийн Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, халкъийн культурийн туьшашна мел оьшуш долу гӀо-накъосталла латтош хиларан хьокъехь а къамел хилира министран.
3 машен а, бӀеннашкахь духарш (къаьмнийн духарш) а, иттаннашкахь оргтехника а, музыкин а, спортан а гӀирсаш а белла церан хьашташна тӀаьххьарчу шерашкахь.