
Вайн махкара 200 хьафиз а, Къуръан дешархо а маьхза ХьаьжцӀа вахана.
И совгӀат царна динарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд йу.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цул сов, фондан президентана Несин Айманина, хьафизашна а, Къуръан дешархошна и деза совгӀат дарна, доккха баркалла а аьлла нохчийн Мехк-Дас.
Республикин Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас дакъалаьцна и 200 стаг новкъаваккхарехь.