
Нохчийн «АХМАТ» спецназо контракт йазйина Россин Федерацин гӀаролан министерствоца.
И болх барехь Россехь а хьалхара йу «АХМАТ».
ХӀинца дуьйна бакъонийн бух а болуш йу и спецназ, ткъа цуьнан бӀаьхойн аьттонаш а, бакъонаш а гӀаролан министерствон бӀаьхойн аьттонех а, бакъонех а терра дӀатарйеш йу.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, тӀеман лерринчу операцехь шайн лаамехь дакъалоцуш болчу бӀаьхойн бакъонаш а, аьттонаш а лакхабахаро церан эвсаралла а, жигаралла а лакхайоккхур йу.
Иштта, пачхьалкхан бӀаьхойн бакъонашка бахарца а догӀуш, «АХМАТ» спецназан бӀаьхой декъала а бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.