
Иччархойн ишкол йаран белхаш дӀаболийна Гуьмсан кӀоштарчу Мелчхе йуьртахь.
Цигахь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Ден хьехамча-гӀоьнча волчу Кадыров Хьамзата, къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада, Соьлжа-ГӀалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада, кхечара.
Кадыров Хьамзата билгалдаккхарехь, 2023-чу шеран чаккхенехь и ишкол йаран белхаш чекхбахар а, ша ишкол схьайеллар а ду Ӏалашонехь.
«Дуьненан тӀегӀанера къийсадаларш кхузахь дӀадахьа дагахь ду тхо. Россехь а иччархойн говзалла кхиорна Ӏаткъам хир бу цунах. Иштта, кхуззахь иччархойн тоьпаш йар а Ӏалашонехь ду. Царах пайдаоьцур бу кхузахь Ӏемар болчара. Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана, тӀеман хаарш карадерзаде, карладаха бохуш, вайга беш кхайкхамаш бу. Тахана къаьсттина маьӀна долуш болх бу иза«, — хаам бина цо.
Цхьана муьрехь 100 стаг Ӏамо а, бӀаьхой а, бахархой а кечбаран белхаш дӀабахьа а аьттонаш болуш хир йу и ишкол.
Лакхахь билгал ма-даккхара, 18 шарера бевлла маьрша бахархой а Ӏамор бу цигахь.