Федеральни «Ростов–Баку» некъаца Владикавказе чухьаьвзачохь а, Нальчикана уллехь а лаьтташ йолчу блокпосташкахула цкъа чекхваьллачунна дуккха а шерашкахь дагахь лаьттар ю иза, кехаташ, машен толлуш еххачу хенахь рогIехь латта дезаш, цигахь лаьтташ болу полицин белхахой а, эскаргIуллакххой а адамашца Iаламат чIогIа кIоршаме хиларна.
Схьахетарехь, цхьа а дуьхьал хир вац оцу гIуллакхана: машенахь дIасавоьдуш верг мила ву, машен хьенан долахь ю хаарх зен хир дац, Къилбаседа Кавказан регионашкахь цкъачунна долуш долу хьал хьесапе эцча-м муххале а – мел халахеташ делахь а, хIинца а доь даза ду зуламна арабевллачеран, хаддаза хIаллакбеш лаьтташехь дита ца туьгу уьш шайн боьха, къиза гIуллакхаш.
Оцу агIоне диллича кхета мегар ду постехь лаьтташ болчара зуламхой дехьа-сехьа цабовлийтарна, цаьрга герз, лелхаш йолу хIуманаш дIаса ца кхехьийтарна тIехьажийна деш долчух, къобалйийр ю церан семалла. Амма церан буьрса хиларо шашаха хьалха хIоттадо билггал хаттар: цара зуламхо ца лоруш цхьа а вуьсий-техьа? Цунна билггал жоп а карадо: уьш массарах а шек бу!
И дерриге ловр а дара, царах кхетар а вара (иза ловш схьабогIуш а бу хIора дийнахь оцу постехула машенашкахь чекхбовлуш берш), нагахь, кхин цкъа а билгалдаккха лаьа, цигахь дукха хан йойуш яцахьара. Дукха чIогIа паргIат лела бакъонаш ларъяран органийн векалш цхьана хIумане сатуьйсуш санна, кIоршаме бу некъан боламан декъашхошца, цхьа а хIума хьесапе дац – могашаллина эшам хилла дарба леладайта воьдуш волу стаг леш воллуш велахь а дуккха а шерашкахь кхоллаелла къепе йохо йиш йолуш яц, рогIехь латта везар ву таллам чекхбаллалц, дуьхьал дош алахь, сингаттам баккха кийчча бу.
Бух боцуш болу лехамаш къаьсттина дукха хуьлу Нохчийн Республикерчу бахархошка. ХIоттош цхьа а тайпа бахьана а доцуш. Тоьаш ду вайн регионан номер гичхьана. Цкъа мацца а кхачадо собар, стагана хьалха хIутту шен бакъонаш лаха езар. ТIаьххьарчу чоьтехь иштта хила а хилира. Нохчийчоьнан бахархой аьрзнаш дан буьйлабелира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векале шайна Конституцис елла бакъонаш оцу посташкахь кIоршаме талхош хиларан хьокъехь.
«Иза къаьсттина чIагIделла тIаьхьарчу беа баттахь, хаамбо цара. Машенаш чуьра охьа а диссош, леррина болчу гIирсашца дегIах хьуьйсу уьш, паспорташна регистраци йо, адамийн долахь йолчу хIумнашна, кхачанан сурсаташна радиаци хиларна кхерам а туьйсуш, автобусана сканер йоккху. Талламаш бар дIахьо стеган сий-ларамна эшам бан гIерташ, дийнахь-бусий хан, Iаламан хьелаш (догIа догIуш хиларх) хьесапе эцар доцуш. Малхехь, догIанехь латта дезаш долчу адамашна къаьсттина боккха Iаткъам хуьлу хIокху мархийн баттахь, берриге а бохург санна марха кхобуш хиларна». Некъан боламан оцу декъашхошна хетарехь, Россин Федерацехь хила декхар дац мехкан цхьана регионера вукху регионе боьлхуш болчу цуьнан шен гражданашна сел луьра талламаш беш йолу блокпосташ. Иза дарца маьрша дIасалела йолу шайн бакъонаш кIоршаме талхор хета царна.
Цхьа а тайпа бехк боцуш новкъахь хьийзош долчу адамашна хеташ долчуьнца реза ца хуьлийла дацара. Цундела Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала Нухажиев Нурдис вайн регионан бахархоша яздина и арз Къилбаседа ХIирийн–Аланин Республикин прокуроре Векшин Владимире дахьийтира, цу тIехь далийна бакъдерш таллар а, оцу гIуллакхана тидам тIебахийтар а доьхуш. Нохчийн Векала прокуроран тидам тIебохуьйту адамийн бакъонаш, паргIатонаш уггаре а лакхара мехаллаш лоруш хиларал совнаха, Россин Федерацин Конституцис Россехь бакъо йолуш бехаш болчу шен гражданашна парггIат дIасалела, шайна бегIийла хеташ йолу меттигаш лаха, баха тешам луш хиларна. Цо дIахоуьйту нохчийн гражданийн аьрзнашна тIехь далийна бакъдерш ца магош дехкарна тIехьажийна республикин терго латторан органаша хьакъ доллу гIуллакхаш дийриг хиларх ша тешна хилар.
Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала оцу кепара дехар дина ГIебартойн-Балкхаройн Республикин прокуроре а.
Вайна дуьсуш дерг оцу блокпосташкахь адамаш, транспорт чекхъялийтаран къепе хуьйцуш, республикин бахархойн маьрша дIасабаха аьтто хирг хиларе сатийсар ду-кх.
Л.АБУБАКАРОВ
№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо