
Футболан «Рамзан» академехь дӀайаьхьна Футболана леринчу Йерригроссин дийнан гурашкара турнир.
Куьйгалла деш тренер Элиханов Асламбек а волуш, берийн футболан «Ахмат» ишколера 2 тоба йара оцу турнирехь Академин цӀарах дакъалоцуш.
Оцу 2 тобанах хьалхарчо турнирехь толам баьккхира, иштта, йаххьийн (цӀеран) совгӀаташ Жамальдинов Ӏабдуллина (Тоьлла ахтӀелатархо) а, Туршиев Мохьмад-Эмина (Тоьлла кевнахо) а кхечира.
Нохчийн Республикин футболан федерацис вовшахтоьхна болх бара иза.