Кадыровн фондо гуманитарин рогӀера гӀо орца дахьийтина

Молханех а, иштта, чевнаш йехкаран а, сих-сиха оьшучу а медицинин гӀирсех а лаьтташ долу гуманитарин рогӀера гӀо-орца дахьийтина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

Донецкан а, Луганскан а халкъийн республикашкахь а, Запорожьехь а болчу «АХМАТ» спецназан бӀаьхошна лерина ду иза.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон медико-санитарин дéкъан хьаькам Альдебиров Рамзан ву и гӀо-орца дӀаэцна ваханарг.

«ТӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу вайн бӀаьхошна оьшуш долу медицинин гӀо-орца каде а, кхачаме а дӀакхачо аьтто хир бу хӀинца«, — йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: