
Луганскан Халкъан Республикерчу Ӏеламнехан хаарш тӀедуьзна Соьлжа-ГӀалахь.
Нохчийн Республикин Муфтиятан векалша билгалдаккхарехь, церан хаарш тӀедузаран болх Имам Аль-БухӀарин цӀарахчу «Даруль-Хьадис» хьуьжарехь дӀабаьхьна.
Таджвидаца а, фикхьаца а, Ӏакъидатаца а доьзна хаарш тӀедузарал сов, Ислам-дин дӀадовзийтарехь экстремизмана дуьхьало латтор а хьехна Луганскан Халкъан Республикерчу Ӏеламнахана.
Иштта, цаьрца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Нохчийн Республикин Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас.
Хаарш тӀедузаран а, говзалла лакхайаккхаран а тоьшаллаш а цо дӀаделла хьешашна.
Цул сов, «Нохчийчоьнан дог» маьждиг а, Кишин Кунта-Хьаьжин цӀарахлера Россин Исламан университет а, хьафизийн ишколаш а, Россин спецназан университет а гайтина царна.