«АХМАТ-Россия», «АХМАТ-Чечня»: керла 2 полк кхоьллина Нохчийчохь

Россин Федерацин гӀаролан министерствона йукъайогӀуш а йолуш, керла 2 полк кхоьллина Нохчийн Республикехь:
1) «АХМАТ-Россия»;
2) «АХМАТ-Чечня».

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, зеделларг долчу бӀаьхойх вовшахтоьхна йу и ший а полк.

Иштта, керлачу шина а полкан бӀаьхой ТӀеман лерринчу операцехь дакъалаца кеста дӀагӀур болуш хиларна тӀе тидам а бахийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

«Север-АХМАТ» полкаца а, «Юг-АХМАТ», «Запад-АХМАТ», «Восток-АХМАТ» батальонашца а цхьаьна, 58-чу эскаран 42-чу дивизехь хир йу «АХМАТ-Россия» а, «АХМАТ-Чечня» а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: