Россин денца федерацин бахархой декъалбина Кадыров Рамзана

Тахана билгалдоккхучу Россин денца федерацин бахархой декъалбина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, дукхакъаьмнийн Россин халкъана башха дезде ду таханлера де.

Telegram чуьрчу шен каналехь йаздина иза Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Иштта, шен мохк а, Даймохк а ларбар, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран дӀадолорш къобалдар, цунна муьтӀахь хилар — хӀора а россихочун сийлахь декхар хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.

Даханчу шеран хьокъехь дуьйцуш, Росси кхин а 4 субъектаца шорйелла хилар а билгалдаьккхина Кадыров Рамзана — Донецкан а, Луганскан а халкъийн республикашца а, Запорожьен а, Херсонан а областашца а.

«Россин денца декъалво ас вайн мехкан хӀора а вахархо! Машар а, ирс а, беркат а хуьлийла лаьа!«, — дерзийна шен декъалдаран кост Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: