«Запад-АХМАТ» батальон хир йу Белгородан областан гӀаролехь

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама Белгородан областан губернаторца Гладков Вячеславца а, ГӀаролан министерствон а, Къоман гвардин а векалшца а цхьаьнакхетар дӀадаьхьна.

Дозанца йолчу кӀошташка мостагӀийн тобанаш сехьайийларца къийсам латторан гӀуллакх дийцаре дина цигахь.

И болх дӀабахьарехь дакъалоцуш Россин гӀаролан министерствон «Запад-АХМАТ» батальон а хир йу.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, Украинин дозанца йолчу Белгородан областан кӀошташкахь кхерамзалла латторан декъехь дан деза гӀуллакхаш хӀинцале а билгалдаьхна ду.

И болх дӀабахьарехь доккха зеделларг долчу нохчийн бӀаьхоша жигаралла а, эвсаралла а гойтур йу цигахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: