«Вайнахавиа» йукъаралла Нохчийн Республикина схьайуш йу

Россин Федерацин Правительствон а, Нохчийн Республикин Правительствон а дехарш къобалдарца а догӀуш, «Вайнахавиа» йукъаралла Нохчийн Республикина схьайала сацам бина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.

№434 йолчу (13.06.23) цуьнан Указехь билгалдаьккхина ма-хиллара, федерацин доларчу «Вайнахавиа» йукъараллин 100% акцеш Нохчийн Республикина схьайала къастийнарг 6 бутт бу.

Цул тӀаьхьа, 2026-чу шеран гӀуран беттан 31-гӀа де кхачале, мел лахара а, 7,14 млрд ₽-н барамехь инвестицеш йукъайало декхарийлахь хир йу Нохчийн Республикин Правительство.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортан хьашташна хьажор долуш ахча ду иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: