Оцу башхачу стеган хьокъехь ойла ечу хенахь суна даима а дагадогIу адамаш бохамах, акхачу ницкъех лардеш хиллачу турпалхочух лаьцна долу туьйра. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа сан кхетамехь даима а туьйранера и дика стаг вара, иштта хилла вуьсуш ву тахана а. Цо шен куьйга дIабаьккхира нохчийн халкъана тIехIоьттина инзаре боккха тIеман кхерам. Оцу тIамо нохчийн къоман хIу дайъа тарлора. Цунах уггаре а хьалха кхеттарг Ахьмад-Хьаьжа вара.
Адамийн тайп-тайпанчу оьмаршкахь дукха хилла шайн хьуьнаршца гIарабевлла турпалхой. Дукха хьолахь къоман паргIато а, маршо а ларъян, цуьнгахьа къийса гIовттуш хилла уьш. Ткъа Ахьмад-Хьаьжас шен мерза дахар дIаделира къам хIаллакьхиларх кIелхьардаккхархьама. «Къам даха дуьсур ду я хIаллакьхир ду» – иштта луьра хIоьттинера хаттар. Ахьмад-Хьаьжа, лом хилла, гIаьттира шен халкъ, цуьнан культура, гIиллакхаш, Iадаташ лардан. Нохчийн халкъах дуьненаюкъарчу терроризман, динан экстремизман амалтхо дан лууш бара дуьненан массо маьIIера схьабаьхкина зуламе ницкъаш. Вайн дайн лаьтта тIехь орамаш тесна охьахевшинера уьш. ЧIагIбала ойла йолуш бара.
Делахь а Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ванне а реза вацара вайн нана-Нохчийчохь тIеман хьаьрма яйта, вайн халкъан амалца догIуш доцу гIиллакхаш юкъадаладайта. Со валлане а цец ца велира цо вахабизмана а, церан хьадалчашна-цIухIаршна а тIом хьебича. Ахьмад-Хьаьжа майрра дуьхьал велира царна. Ткъа уьш цу хенахь шайна луъург чекхдаьлла ду моьттуш, шайн ницкъах тоам бина бара. Юхабовла дагахь бацара. Амма царна моьттарг бакъ дацара. ТIаьхьуо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас царна иза даррехь дIа а хаийтира.
Оцу т1ех майрачу, оццу хенахь кIорггера хьекъал, кхетам, духе кхиар долчу стагана шен аьтто барал сийлахь а, деза а дара нохчийн халкъан сий, паргIато ларъяр. Иза къеггина гуш дара цунна гуонаха болчарна, иза вевзинчарна. Цундела, Россин куьйгалло шегара доккха хьекъал гайтира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа 2000-чу шеран июнехь Нохчийн Республикин Ханна йолчу Администрацин Куьйгалхо а хIоттийна. Цул тIаьхьа дуккха а эвсаре хилла дIахIоьттира Ахьмад-Хьаьжас республикера хьал лартIе далорехьа дIахьош болу болх. Цул тIаьхьа сихха дикачу агIор хийцадала доладелира Нохчийчуьра хьал. Адамашна гучудала доладелира Ахьмад-Хьаьжа, Республикехь а, цул генна арахьа а дика вевзаш волу Iеламстаг хилла ца Iаш похIме куьйгалхо а, говза вовшахтохархо а хилар. Цуьнан йоццачу хенахь ницкъ кхечира республикин пачхьалкхан аппаратан болх когахIотто. Оццу хенахь кхочушдеш дара юкъараллин-политически хаьл лартIе далоран, экономика а, социальни дакъа а меттахIотторан гIуллакхаш.
Иштта доккхачу маьIне дара тIамах бевдда баханарш шайн хIусамашка, ярташка юхаберзор. Царах дукхах берш ГIалгIайчохь четаршкахь хала хан йоккхуш бара. Нохчийчохь тIеман хьал хиллехь а дика болх беш яра кхочушдаран Iедалан органаш. Царна хаарца куьйгалла деш вара, оркерстрана зеделларг долу дирижер санна, Администрацин Куьйгалхо. Цунна тIе ма хьаьжжина вевзара стаг, цундела шена юххе мила озо веза хаьара. Стагехь хIун доллу хаарца цхьаьна, цо сихха къастадора стаг муьлхачу гIуллакхана охIла ву, говза ву. Цо вайн махкара дуккха а адамаш, дахаран къилба а гайтина, новкъа даьхна. Ахьмад-Хьаьжас шайна белла тешам цара эрна а ца байъина.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин адамаллах, лаьцна цец а вуьйлуш, дийца дуккха а ду. Иза чогIа эхь-бехк долуш, комаьрша, къинхетаме, собаре, догцIена, шеца мискъалазарраттал куралла йоцуш стаг вара. Шех адам тешо хаьара, хьаьнгга а леррина ладугIура, къамел юкъах ца доккхуш. Суна хетарехь, гIо оьшуш шена тIевеана волу цхьа а стаг гIо-накъосталла ца деш дIа ца вахийтина цо.
Цуьнан доттагIийн а, накъостийн а, цуьнан гIолоцучеран а гуо де-дийне шорлуш бара, вайн республикехь а, цул арахьа а. Цунна хетачуьнга ладугIуш бара цIеяххана Iеламнах.
Дера, мостагIий а ма бара цуьнан. Цара дуккхазза а кIелонаш йора цунна. Делахь а Везахинволчо ларвора иза. Майрра, тешна хиларца, юьхьа тIехь догцIена велар долуш шен тIаьххьарчу зиле воьдуш вара иза… Цул дехьа цкъа а кхачалур йоцу абаде яра…
2004-чу шеран 9-гIа май. Цуьнан дахаран тIаьххьара де дара иза. Iуьйранна дуьйна кхетта нур-дашо малх бара. Адамаш яккхийчу тобанашца стадионе, дезчу дийне, шайн Президентаца цхьаьнакхета догIуш дара. Царна дагахь доццург хилира, и сирла де кхолош, дегнаш делхош…
23-гIа август – Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де. Вайн халкъана маршо, паргIато еана волу стаг дуьнен чу ваьлла де. Иза вайн халкъана уггаре сирла, самукъане, ирсе де ду.
Делимханов Адам
«Баьччанийн тIаьхье» хаамийн-хьесапдаран журнал
№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо